Хьан дени нанни юккъехь хIун башло ю?
●Шена хьо везар гуттара а хьуна гуча доккхарг хьан нана ю.
○Шена хьо везар дагчохь къуьларг хьан да ву.
●Нана,долла дуьненна хьо вовзайта гIерта.
○Да,долла дуьне хьуна довзайта гIерта.
●Нанас хьуна дахар ло.
○Дас хьо ваха Iама во.
●Нана хьо меца ца хилийта хьожа.
○Да хьуна мацаллийн хало Iамо хьожа.
●Нанас хьогахь тергам кхиа бо.
○Дас хьоьгахь жоьпалла кхиа до.
●Нанас хьо охьакхетарха ларво.
○Дас хьо охьакхетча хьалагIатта Iама во.
●Нанас когаваха Iама во хьо.
○Дас дахаран некъаштIехь лелан Iама во хьо.
●Нанас хазалла а,кхоччуш хилар а гойту хьуна.
○Дас къа хьегар а,бакъ долу хьал а гойту хьуна.
●Ненан безам дуьненчу воллашехь боьвзу хьуна.
○Де безам хьо да хилча боьвзу хьуна.
Я АллахI цу шиннех а бе Ахьа къинхетам,жимчахь цаьршимма со кхиа ма варра.
■■Хьан нана,цуьнан мах хадалур бац.
○○Хьан да,замано и саннарг кхин лурвац.
ТАРИХ
https://t.me/so_Dishni