Суннатан ОхIла


Гео и язык канала: Узбекистан, Узбекский
Категория: Религия


Хаттаран агIо: @hattaranago

Къуръанан маьIна:
https://t.me/kuran_nohchiyn_mattah
Абу IабдуллахI:
http://t.me/umarabdulkhaliym1444

Связанные каналы  |  Похожие каналы

Гео и язык канала
Узбекистан, Узбекский
Категория
Религия
Статистика
Фильтр публикаций




Кху деношкахь вайнахан юкъахь держинчу лазарах лецна текст ю са яззош. Шу хеттаршн жоьпш цун хье делла ду. Еха ю и лазаре хьежжина. Ткъа аш со и яззийна волушехь, керла декъашхой кхайкха кху чу вайн хьошалха)


МАРХИЙН САХЬНАШ (закатул-фитIр)

Мархийн сахьа далар - аьтто болчу, шена а, шен доьзулна а Iийдан буьйсанна а, дийнахь а юъчух а, молчух а кхачо йолчу бусулба адманна тIехь ду, воккхачунна а, жимачунна а, стаганна а, зудчунна а, маьршачунна а, лайна а.

IабдуллахI ибну Iумарах (Аллахl реза хуьлда цунна) дуьйцу, цуо элира аьлла: «Пайхамара (АллахIера салават а, маршо а хуьлда цунна) нахана фард дира мархийн сахьа даккхар, хурманах сахьа, муькхах сахьа, хIора маьршачунна а, лайна а, боршачунна а, стечунна а бусулба нахах». [ал-муваттIаъ]

Ибну Къудамас (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Ибнул-Мунзирс аьлла: «Тхуна мел бевзучу Iелимнехан барт хилла, мархийн сахьа фард хиларна тIехь»». [ал-мугIний]

Мархийн сахьан барам - кегий а, даккхий а доцуш, гIехь долчу куьгийн йиъ кана хьайн махкахь наха юучу яъхIумнах кхача бу. Иза кхо кийла ца кхоччуш нисло. Делахь а эвхьуза дерг, кхо кийла ниссор ду, совделларг сагIа хир ду. Масала: дуга, кишмиш, кIалд йа нехча. Коьртаниг, хьан махкахь наха кхача лоручу яъхIумнах хилар ду. Иштта, оцу яъхIуманна мехехь сахьийн ахча дала а мегар ду. Иза мегаш хилар вай #Хаттар48 жоьпехь дийцира. Ткъа сахьанна бух а, гIолехь дерг а яъхIума ялар ду.

Мархийн сахьа хIорамма шена а, ша напха латточарна а тIера лур ду. Шена, шен хIусамнанна, иштта, шен доьзулна, шен дена-нанна а тIера, шен аьтто балахь. Нагахьсан доьзул хьола дай балахь, церан шай дехни далахь, дена тIехь дац царна тIера сахьа далар. Амма нагахьсан доьзул кхиъна-бевла балахь, дас шен доьзулна тIера сахьа ша лур ду бахахь, бакъо ю цуьнан, нагахьсан доьзул реза балахь. Ткъа кийрахь долчу беранна тIера сахь далар суннат ду, амма важиб дац.

Мархийн сахьан хан - мархийн бутт чекх болучу суьйрина маьркIижа хан хилча йолалуш ю. Иштта, Iийда ламаз далле дIа делча дика а, деза а ду. Амма Iийда хилале ши-кхо де хьалха дала а мегар ду, Iийда ламазалла тIехьа дала а мегар ду. Цхьаболчу Iелимнаха Iийдалла цхьа-ши де тIехьа дала а мегар ду аьлла.

Ибну Iумарс (Аллахl реза хуьлда цунна) аьлла: «Пайхамара (АллахIера салават а, маршо а хуьлда цунна) тхоьга омур дира, нах ламазе ара бовлале мархийн сахь дIало аьлла». [Абу Давудс дийцна иза] Иза гуттар дика а, гIолехь а, деза а дерг ду.

Имам Маликс НафиIах дуьйцу (АллахIа къинхетам бойла цушиннех), цуо элира аьлла: «Ибну Iумарс (Аллахl реза хуьлда цунна) мархийн сахь шегахь схьагулдеш волчунга дIадахьийтара, Iийда хилале ши-кхо де хьалха». [ал-муваттIаъ]

Ибну Журайжас дуьйцу, ша IатIоэга (АллахIа къинхетам бойла цушиннех) хеттира аьлла: «Сахьнаш Iийда ламазалла тIехьа делча во хIумма дуй?», IатIоас элира: «ХIумма дац!».

Иштта, ЗухIайрас Абу Исхьакъах дийцна Абу Майрасас Iийда ламаз динчул тIехьа лора сахьанаш аьлла. Мухьаммад Ибн Сиринах а деъна, Iийдалла тIехьа сахьанаш дала мегаш хилар. МаIмарас Имам ЗухIрех дийцна, сахьанаш Iийдалла цхьа ши де хьалха а, йа цхьа ши де тIехьа а дала мегар ду аьлла (АллахIа къинхетам бойла царах).

И дерриге цIена бух болуш, ибну иби Шайбатас а, и воцучо а дийцна ду. Уьш берриге уммато къобул бина, умматана коьрта Iелимнах бу.

ГIолехь дерг мархийн бетта тIехьарчу суьйринна маьркIижа хан хилча, Iийда ламаз далле дIадалар далахь а, ткъа цулла хьалха делларг а, иштта, цулла тIехьа делларг а къобул хир ду Даламукълахь.

Мархийн сахьа шех кхечунна дIакхачо тешаме бусулба стаг векил ван а мегаш ду.

IабдуллахIас (АллахIа къинхетам бойла цунах) ша шен дега, Имам Ахьмаде хаттира аьлла: «ХIун аьлла хета хьуна, шена сахьа далар важиб долчо ша дIалур ду и, йа кхечунга дIало аьлла дIакховдор ду цуо и?», тIаккха сан дас (Имам Ахьмада) элира: «Нагахьсан векил вийриг тешаме валахь, цунга дIадаларх (цамегаш) хIумма дац». [масаил IабдуллахI]


Ламаз дисинчу ханчохь зудчунна и ламаз доцург, дисина муьлха а шен чура Iибадат дан йиш ю. Къуръан дешан а, Дела хьехаван а, дуIанаш дан а, сагIа далан а, иштта кхидолу муьлха а шен чохь деш долу Iибадат дан йиш ю цунна. Цуо шен чохь дечу гIулкханна а, кеччочу яъхIуманна а, и берашка хьажар а даккхичу Iибадаташха ду цунна.


ЛАЙЛАТУЛ-КЪАДР БУЬЙСА

Лайлатул-къадр буьйса шена чохь Къуръан доссийна беркате буьйса ю. Эзар батталла а гIоле йолуш. Иштта, шена чохь маликаш а, жабраил малик а дуьненчу охьа дуьссу буьйса а ю иза. Хууш ма хиллара, маликаш дуьссучу хенахь, беркат дохьуш дуьссуш.

АллахIа бах: «Оха и (Къуръан) доссийса лайлатул-къадр буьйсан. Хьуна хьам йовзийтна лайлатул-къадр? Лайлатул-къадр буьйса дика ю эзар батталла а. Цучохь охьа дуьссу маликаш а, са (жабраил) а, шеш Кхобуш-Кхиочунна пурбанца, массо гIуллакханна. Маршо ю и (лайлатул-къадр) Iуьйре схьахиллалца». [сурат ал-къадр]

БагIавис (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла: «Муфассираш (тафсиран Iелимнаха) аьлла: «Лайлатул-къадр буьйса дика ю эзар батталла а» бохучу АллахIан дешах луург - Лайлатул-къадр буьйсанна йина дика Iамал, шена чохь лайлатул-къадр буьйса йоцучу эзар баттахь йиначу Iамалелла а еза ю бохург ду» [тафсир ал-багIавий]

Кхиъ дика кхетош аьлча: лайлатул-къадр буьйсанна йина Iамал - дезткъе кхаъ шарахь, биъ баттахь (83 шо, 4 бутт) йиначу Iамалелла еза ю. [тафсир ибну касийр чохь ма-хиллара]

Лайлатул-къадр буьйса билгалла мац ю хууш дац. Цуьнах хууш дерг - иза мархийн бетта тIехьара итт буьйсанах цхьаъ хилар ду. Кхин а герга дерг, шалза (нечетный) буьйсанашха хилар ду.

Iубадат ибну Сомитас (Аллахl реза хуьлда цунна) аьлла: «Пайхамар (АллахIера салават а, маршо а хуьлда цунна) аравеллера тхуна лайлатул-къадр буьйса мац ю дийца лууш. Бусулба ши стаг вара вовший мохь хьоькхуш (къийсалуш). ТIаккха Пайхамара (АллахIера салават а, маршо а хуьлда цунна) элира: «Со шуьга лайлатул-къадр буьйса мац ю дийца аравеллера. Хьенех а, минех а вовший мохь хьекха волавелира. ТIаккха (суна и лайлатул-къадр буьйса мац ю хаар) дIаийцира (АллахIа диц дира суна и мац ю). (И хаар дIаэцар) шуна дика хила тарло. Аш лахалаш и буьйса ткъе уьссолгIа, ткъе ворхIолгIа, ткъе пхоьалгIа а деношкахь» [Бухарис дийцна иза]

Iаишатах (Аллахl реза хуьлда цунна) дийцинчу хьадисехь Пайхамара (АллахIера салават а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Лайлатул-къадр буьйса лахалаш, мархийн бетта тIехьарчу итт буьйсанах шалза буьйсанашкахь» [Бухарис а, Муслима а дийцна иза]

Иштта, дукхах болчу Iелимнаха лайлатул-къадр буьйса хIора шарахь мархийн бетта тIехьарчу итт буьйсанашна юкъахь хийцалуш ю аьлла. Иза ШафиIийн а, Ахьмадан а, Маликийн а мазхIабехь дуккха Iелимнехан дош ду.

Цундера, лайлатул-къадр буьйса хIора шарахь мархийн бетта тIехьарчу буьйсанашкахь хийцалуш хиларе терра, хIора цунна хан билгал йиначунна (асхьабашха а, царалла тIехьабехкинчу Iелимнахах а) церан шай тIетовжам бу. Цхьаболчара ткъе цхьаолгIа ю аьлла, цхьаболчара ткъе кхоалгIа ю аьлла, иштта, кхидIа а.

Оцунца вайна билгал долу, лайлатул-къадр буьйса мац ю билгалла хууш доций а, иштта, иза мархийн бетта тIехьарчу итт буьйсанах цхьаъ хилар а.

Лайлатул-къадр буьйсана билгалло - цу Iуьйранна малх цIена зIенарш йоцуш схьакхетар ю.

Убай ибну КаIбас (Аллахl реза хуьлда цунна) дуьйцу: «АллахIан Элчано (АллахIера салават а, маршо а хуьлда цунна) тхоьга дийцна, и (малх) оцу дийнахь зIенарш йоцуш схьа кхетар бу аьлла». [Муслимс дийцна иза]

Лайлатул-къадр буьйса маьркIажа хан хиллачултIехьа йолалуш ю, Iуьйра ламазан хан хилча чекхйолуш а ю.

АллахIа бах: «Маршо ю и (лайлатул-къадр буьйса) Iуьйре схьахиллалца» [сурат ал-къадр, 5-гIа аят]

Лайлатул-къадр буьйсанна йича гIолехь а, дика а йолчу Iамалех ю - буьйса ден яр, суннат ламазаш дарца, Къуръан дешарца, АллахI хьехаварца, дуIанаш дарца.

Абу ХIурайратах (Аллахl реза хуьлда цунна) дийцинчу хьадийсехь Пайхамара (АллахIера салават а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Лайлатул-къадр буьйса, тешаш волуш, АллахIера йоле сатуьйсуш волуш ден йиначунна - дIадаханчу къиношна гечдийр ду» [Бухарис а, Муслима а дийцна иза]

Амма лайлатул-къадр буьйса бIаьрга негIар тоххал йолчу ханчохь бен летташ яц бохург а, иштта, оцу буьйсана дитташ дIадуьшу, хIара хуьлу, иза хуьлу бохуш наха шайгара дуьцу хIуманаш цхьаа бух болуш дац.


🌑 Мархийн беттан тIехьарчу итт ден-буьйсен хьокъехь аьллачух гуттаре хаза-дика аьлларг: «Дукхох долу дакъа дIаделла, дезох долу дакъа дисина!» сийлахьчу беттан кхаъдекъех ши дакъа дIаделла, ткъа дисина цхьа дакъа ду, цу шина декъал деза. Къа хьега, телеграм, ватсап, инстаграм, тик-ток, кхиерг Iад йита, хьан дахарехь мархийн беттан тIеххьара итт буьйса хила мега хIара итт буьйса!


6-гIа, тIеххьара дарс 📚

ВорхIолгIа дакъа: иIтикафан (маьждиг чохь Iабадатан Iеран) ахькамаш!


5-гIа дарс 📚

ДоьалгIа декъа чуьра шологIа дакъа: марха долчунна кархIат дерг а (дича къа доцуш, ткъа цадар дика дерг), мубахь дерг а (дича а, цадича а башхо йоцуш, мегаш дерг)!

ПхоьалгIа дакъа: кхабар суннат долу а, кархIат долу а, хьарам долу а марханаш!

ЯлхолгIа дакъа: марха доькхуш кхабарах хIитделла ахькамаш!


4-гIа дарс 📖

ДоьалгIа декъа чуьра хьалхара дакъа: марха дохош долу а, марха дохош доцу а хIуманаш!


3-гIа дарс 📚

КхологIа дакъа: марха цакхабан бакъо хьена ю!


2-гIа дарс 📚

ШологIа дакъа: мархи беттан дозаллаш а, цуьнан схьакъастамаш а, цуьнан марха кхабаран хьукма а, и тIебар а, дIабагIар а сацоран некъаш а!


1-ра дарс 📚

Хьалхара дакъа: марха довзитар, цуьнан дакъош а, дозаллаш а, хьикматаш а, рукнаш а, бехкамаш а, суннаташ а, гIиллакхаш а!


Тховса Мединатер хенац Iуьйра ламаз динчул тIехьа Пайхамаран (АллахIера салават а, маршо а хуьлда цунна) маьждиг чохь «марханах лецна дурусаш» йолор ю вай. Мархийн бутт тIекхачале жайна чекхдоккхур ду вай Даламукълахь!

🔵 https://t.me/sunnatanokhla1441


Тховса (16/8/1445) «Пайхамаран ﷺ ламазан куц» цIе йолу жайна чекхдели вай. Вай дIаяхна дурусаш кху агIонна тIе дехьа велча карор ю хьун: ⬇

📌 https://t.me/ISLAMANHAZALL




АЗКАРИЙН МАЬIНАШ:

1) Йа АллахI! Со кхиош-кхобуш волу сан Дела ву Хьо, Хьо воцург кхин дела вац, Ахь кхоьллина со, Хьан лай ву (ю) со, сайн ницкъ кхочучу кепара Хьан ваIда тIехь (Хьуна муьтIахь) ву со. Со ларло Хьоьца айса динчун вонах, со къера ву Ахь суна динчу диканна, со къера ву сайн къиношна а, ткъа Ахь гечдехьа суна; бакъдолуш, къиношна гечдийриг Хьо бен вац-кх.

2) АллахI воцург кхин дела вац, Ша цхьаъ ву Иза, Цуьнца накъост а вац, паччахьалла Цуьнан ду, хастам а Цунна бу, Иза массо хIуманна тIехь ницкъ болуш а ву.

3) ЦIена ву АллахI (Шеца там мел боцучу хIуманах), хастам а бу Цунна.

4) АллахIан цIарца, Шен цIарца хилча лаьттахь а, стиглахь а, долчу цхьа а хIумано зен ца деш волчу (АллахIан цIарца), Иза Хезаш а, Хууш а, ву.

5) Йа АллахI! КъинтIера валар доьху ас Хьоьга, (массо вочух со) маьрша витар а, доьху ас Хьоьга, дуьненахь а, эхартахь а. Йа АллахI! КъинтIера валар а, (массо сакхтех) маьрша витар а, доьху ас Хьоьга сайн динехь а, сайн дахарехь а, сайн доьзалехь а, сайн бахамехь а. Йа АллахI! Сан къайленаш хьулйе Ахь, сан кхерамех со Iалашве Ахь. Йа АллахI, ларве Ахь со хьалха а, тIехьа а, аьтту агIор а, аьрру агIор а, тIехула а. Хьан воккхаллийца ларло со бухадIашхула сой цIеххьана хIаллакьхиларх а.

6) АллахI сайн Дела хиларна реза хили со, Ислам сайн дин хиларна реза хили со, Мухьаммад (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) сайн пайхамар хиларна а реза хили со.

7) Йа АллахI! ХIай стигланаш а, латта а кхоьллина верг! ХIай къайлах дерг а, гучахь дерг а хууш верг! ХIай массо хIуманан Да верг, массо хIуманан долахо верг! Ас тешалла до Хьо воцург кхин дела цахиларца! Со ларло Хьоьца сайн синан вонах, шайтIанан вонах, цо Хьоьца накъост варе кхойкхуш дагчу туьйсучу ойланех, ас айса сайна вониг дарх а, йа и вониг бусалба стагана сайгара хилийтарх.

8) ХIай дийна верг, хIай даим волуш верг! Хьан къинхетамца гIо-орца лоьху ас, сан дерриге гIуллакхаш суна нисдей туоде Ахь, со сайх цхьаннах воьзна Iад а ма вита Ахь, бIаьрган негIар туххучул а.

9) Ас АллахIе геч дар доьху, Цуьнга тоба а до ас.

10) Iуьйренга девли вай, хIокху Iуьйранна  паччахьалла а АллахIан ду, АллахIана хастам а бу, АллахI воцург кхин дела вац, ша цхьаъ ву Иза, Цуьнца накъост а вац, паччахьалла Цуьнан ду, хастам а Цунна бу, Иза массо хIуманна тIехь ницкъ болуш а ву. Сан Дела! Ас Хьоьга доьху хIокху дийнахь хир долу дика а, хIокхул тIаьхьа хир долу дика а, со Хьоьца ларло хIокху дийнахь долчу вонах, хIокхул тIаьхьа хир долчу вонах а. Сан Дела! Со Хьоьца ларло малонах, къеналлин вонах. Сан Дела! Со Хьоьца ларло цIергахь долчу Iазапах а, каш чохь долчу Iазапах а.

11) Йа АллахI Хьан пурбанца Iуьйренга девли тхо, Хьан пурбанца суьйренга а довлу тхо, Хьан пурбанца даха а деха тхо, Хьан лаамца дала а ле тхо, Хьоьга дерзар а ду тхан.

12) ЦIена ву АллахI, хастам а, бу Цунна: Цо кхоьллина долу массо хIума санна дукха, Иза Ша реза волччул, Цуьнан Iарш деза хилар санна дукха, Цуьнан (чекхдевр доцу) дешнаш санна дукха.

13) Iуьйренга девлла вай Бусалба динехь, Ихласан (Iамал Делан доьхьа хиларан) дашна тIехь, вайн Пайхамаран (Делера салават а, маршалла а, хуьлда цунна) дин тIехь, вайн ден ИбрахIиман миллат тIехь, АллахIана цхьанна Iибадат деш хилла волчу, бусалба хилла волчу, АллахIаца накъост вечарах хилла воцучу.

14) Суьйренга девли вай, хIокху суьйренан паччахьалла а АллахIан ду, АллахIана хастам а бу, АллахI воцург кхин дела вац, ша цхьаъ ву Иза, Цуьнца накъост а вац, паччахьалла Цуьнан ду, хастам а Цунна бу, Иза массо хIуманна тIехь ницкъ болуш а ву. Сан Дела! Ас Хьоьга доьху хIокху дийнахь хир долу дика а, хIокхул тIаьхьа хир долу дика а, со Хьоьца ларло хIокху дийнахь долчу вонах, хIокхул тIаьхьа хир долчу вонах а. Сан Дела! Со Хьоьца ларло малонах, къеналлин вонах. Сан Дела! Со Хьоьца ларло цIергахь долчу Iазапах а, каш чохь долчу Iазапах а.

15) Йа АллахI Хьан пурбанца  суьйренга девли тхо, Хьан пурбанца Iуьйренга а довлу тхо, Хьан пурбанца даха а деха тхо, Хьан лаамца дала а ле тхо, Хьоьга дерзар а ду тхан.

16) Со ларло АллахIан кхачаме долчу дешнашца, Цо кхоьллинчу массо хIуманийн вонах.


IУЬЙРАН А, СУЬЙРАН А ДОЬШУ АЗКАРАШ:

1) АлоохIумма, анта роббий, лаа илаахIа иллаа анта, холакътаний ва ана Iабдука, ва ана Iалаа IахIдика, ва ваIдика мастатIоIту, аIуузу бика мин шарри маа сонаIту, абуу-ъу лака биниIматика Iалаййа, ва абуу-ъу бизанбий, фа-гIфир лий, фаиннахIу лаа йагIфируз-зунууба иллаа анта. (цхьауза доьшур ду)

2) Лаа илаахIа иллаллоохIу, вахьдахIуу, лаа шарийка лахIу, лахIул-мулку, валахIул-хьамду, вахIува Iалаа кулли шай-ъин къодийр. (иттуза доьшур ду)

3) СубхьааналлоохIи ва бихьамдихI. (бIаьуза доьшур ду)

4) БисмиллаахIиллазий лаа йадурру маIас-михIи шай-ъун фил-арди, валаа фис-самаа-ъи, вахIувас-самийIул-Iалийм. (цхьауза доьшур ду)

5) АллоохIумма инний ас-ъалукал-Iафва вал-IаафияхI, фид-дунйаа вал-аахирохI, АллоохIумма инний ас-ъалукал-Iафва вал-IаафияхI, фий дийний ва дунйаайа, ва ахIлий ва маалий, АллоохIумма-стур Iавроотий, АллоохIумма-хьфазний, мимбайни йадаййа, ва мин холфий, ва Iан ямийний, ва Iан шимаалий, ва мин фавкъий, ва аIуузу биIизматика ан угIтаала мин тахьтий. (цхьауза доьшур ду)

6) Родыйту биллаахIи роббан, ва бил-ислаами дийнан, ваби Мухьаммадин соллаллоохlу IалайхIи ва саллама набиййан. (цхьауза доьшу)

7) АллоохIумма фаатIирос-самааваати вал ард, Iаалимал-гIойби вашшахIаадахI, робба кулли шай-ъин ва малийкахIу, аIуузу бика мин шарри нафсий, ва шарриш-шайтIоон, ва ан акътарифа Iалаа нафсий замбан, ав ажуррахIу илаа муслим. (цхьауза доьшу)

8) Йаа хьаййу йаа къоййуум, бирохьматика астагIийсу, аслихь лий шаъний куллахIу, валаа такилний илаа нафсий тIорфата Iайнин. (цхьауза доьшу)

9) АстагIфируллаахIа ва-атуубу илайхIи (бIаьуза доьшу)


ДЕККЪА IУЬЙРАН ДОЬШУ АЗКАРАШ:

10) Асбахьнаа ва асбахьал-мулку лиллаахI, валаа илаахIа иллаллоохIу вахьдахIу лаа шарийка лахI, лахIул-мулку валахIул-хьамду вахIува Iалаа кулли шай-ъин къодийр, робби ас-ъалука хойра маа фий хIаазал йавми, ва хойра маа баIдахI, ва аIуузу бика мин шарри маа фий хIаазал йавми, ва шарри маа баIдахI, робби аIуузу бика минал-касли, ва сууъил-кибари, робби аIуузу бика мин Iазаабин фин-наари, ва Iазаабин фил-къобри. (цхьауза доьшу)

11) АллоохIумма бика асбахьнаа, ва бика амсайнаа, ва бика нахьйаа, ва бика намууту, ва илайкан-нушуур. (цхьауза доьшу)

12) СубхьааналлоохIи ва бихьамдихI, Iадада холкъихI, ва ридоо нафсихI, ва зината IаршихI, ва мидаада калимаатихI. (кхузза доьшу)

13) Асбахьнаа Iалаа фитIратил-Ислаами, ва Iалаа калиматил-Ихлааси, ва Iалаа дийни набиййинаа Мухьаммадин, ва Iалаа миллати абийна иброохIийма хьанийфав-вамаа каана минал-мушрикийн. (цхьауза доьшу)


ДЕККЪА СУЬЙРАН ДОЬШУ АЗКАРАШ:

14) Амсайнаа ва амсал-мулку лиллаахI, валаа илаахIа иллаллоохIу вахьдахIу лаа шарийка лахI, лахIул-мулку валахIул-хьамду вахIува Iалаа кулли шай-ъин къодийр, робби ас-ъалука хойра маа фий хIаазихIил-лайлахI, ва хойра маа баIдахIаа, ва аIуузу бика мин шарри маа фий хIаазихIил-лайлахI, ва шарри маа баIдахIаа, робби аIуузу бика минал-касли, ва сууъил-кибари, робби аIуузу бика мин Iазаабин фин-наари, ва Iазаабин фил-къобри. (цхьауза доьшу)

15) АллоохIумма бика амсайнаа, ва бика асбахьнаа, ва бика нахьйаа, ва бика намууту, ва илайкал-масыйр. (цхьауза доьшу)

16) АIуузу бикалимаатил-лаахIит-тааммаатим-мин шарри ма холакъ. (цхьауза доьшу)


IУЬЙРАН А, СУЬЙРАН А БАШХО ЙОЦУШ, ДЕРРИГЕ ДЕНЧОХЬ ДОЬШУ АЗКАРАШ:

17) Лаа илаахIа иллаллоохIу вахьдахIу лаа шарийка лахIу, лахIул-мулку валахIул-хьамду вахIува Iалаа кулли шай-ъин къодийр. (бIаьуза доьшу)


ХIара бозбунчаллийн лазарца балахьоьгучунна, йа и шен хиларах шек волчунна лерина дерриг чу лоцуш доцца жоп ду. Цу лазарашха хьакхалуш долу хаттарна, хIара еша а ешна, кху юкъахь жоп цакарийнчо, шен хаттар кху тIе даита:

✈️ @hattaranago


Къуръанац, Суннатац дарба деш волу, къестина нахан цух гIо хилар коьрта Iалашо йолчу дарбанчо дийриг яккхичу Iамалшха ду аьлла Iелимнаха, цунгахь бусулба нахан пайда хиларе терра. Цхьаболчу Iелимнаха гIазотах ду олу иза. Ибну Таймиййас (АллахIа къинхетам бойла цунах) АллахIан новкъахь гIазотан аравелла мужахIиде тера ву аьлла, бусулба нахан рукъиййаташ доьшуш волу дарбанча (ракъий). ХIунда аьлча, АллахIан мостагIашца, бусулба нах хьийзочу джинашца тIом бу цуо бийриг. Цундера Iелимнаха церан мекирлонах ларвала веза олу и болх бийриг. ХIунда аьлча, шай кадалахь цунна ког тасан кечбелла АллахIан мостагIий бу, адмашха а, джинашха а. АллахIа де аьлларг дарехь, Цуо дита аьллачух генаваларехь, дика Iамалшкахь сов валарехь чIагIвала веза Суннатехь дарба лелориг къестина.

Нагахьсан дарбадечун (ракъий) ийман гIийла далахь, цу балхах цунна зе алсам долу, пайданал а. Нигат дехни тIе а, зударшна тIе а, кхидолу адам гал мел долу некъа тIе а доьрзу цунна. Масне нахан пайда бо ша аьлла волавелла, ийман гIийла хилар бахьан долуш дакъазвелла дарбанча ву. АллахIа лардойла вай цух. Цундер шен иймане хьежжина тIелаца деза адмо ша тIелоцург. Ткъа ницкъ цакхочург АллахIа тIедиллина дац!


Ткъа Къуръан чохь къестина бозбунчаллийн, хьагI-бIаьрган, джинийн лазарн рукъиййаташха уггаре волехь дерг - сурат ал-фатихьат а, сурат ал-фалакъ а, сурат ан-нас а, аятул-курсий а иштта кхидолу шена чохь бозбунчал а, хьагI-бIаьрг а, АллахI цхьаъвар (тавхьийд) а, ялсаман а, жоьжагIате а хьехош долу аяташ ду.

Амма Къуръан доцуш, АллахIан цIераш йоцуш, Цуьнан сифаташ доцуш, кхидолу хIуманаш - коча уллу жайна, коча ухку бIаьргаш, куьгах доьхку тайнаш, тIе ухку бехчалгаш, тIоьхула хьийзадо туьхнаш, кхеташ воцчу, маьIна цадевзачу дешнашца а, иштта кхидолу Къуръанац доцу, Суннатац доцу дарбанаш лело мегаш дац. Уьш хьалха дIабаханчу жехIил нехан белхашха ду.

Пайхамара (АллахIера салават а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Рукъиййаташ а (хьалха дIабаханчу жехIил наха лелина долу, шайца жIарийн цIераш йолу, йа шен маьIна девзуш доцу дешнаш долу), тIе ухку хIуманаш а, тIедоьхку тайнаш а ширк ду!» [Абу Давудас дийцна иза]

Кху хIуманах кхета само ян езаш, тидме лацадезаш коьрта хIума ду - Иблисан коьрта Iалашо хьан Дин дохадар а, хьо Динчура араваккхар а ю, мел лахара а хьо хьарамчу вожор. Цу Iалашонех ю хьоьга харц дарбанаш леладайтар, цу некъахула хьо керистналлин, ширкан а чувожош. Адман моьтту, ша тIехула туьха хьовзийн, иза цIерга кхоьсча шена гIоле хилла, йа ша куьга тай дихкича шена гIоле хилла, иштта кхидолу вай лакхахь мегар дац аьлла хьахиначу хIуманашха муьлха а хIума ша дича, цултIехьа шена гIоле хилла хилар, цух Iехалой, и дарба ду моьттуш лела иза.

Ткъа цу хьолехь долш дерг хIуду - Иблисо адам Iехош ду. Цунна бала бохьуш деъначу шайтIано, и шен некъа велча, ша беъна бала схьаоьцу, цунна хоьтуьту, ширканах, хьарам хIуманах шена дарба хилла хилар.

Цу тайпа, адам шена дарба лохуш, цу лазаршха дарба деш гIарбевлачу нахан тIедагIар а ду чIогIа лардан дезаш хIума. Ша хьанна тIевоьду, шена дарба дийриг мила ву хаъдеза цунна. Тахан цу лазаршна дарба деш бержина дукхах болу нах йа шеш бозбунчаллаш хуьлу, йа бидIатан охIлунах хуьлу, йа динчохь цахуьл уьзуш, массо кепар тайп-тайпа керстналлашна тIехийшина хуьлу. Царна тIе воьдучул а, шен лазарца балахьоьгуш Iар волехь ду адман, хIунда аьлча, хьан лазарца дегIан цамгар бен яц хьоьгахь, ткъа царна тIевагIаро даган а цамгар ло хьуна. Кхин а дика кхетош аьлча, дуьне доьхна ца Iаш, эхирт а духу хьан. Вай бохург царна тIе вагIар йа цавоьдуш бала хьегарах цхьа харжам хилча ду. Ткъа АллахIан къинхетамца дарба долш ду, Къуръанца а, Суннатаца а дарба деш вежарий а болш бу!

Адманна хаъдеза, ша тIевоьдург мила ву, хьам тоьшалла деш стаг ву, хIун лелина ву. Хууш дацахь а, ша тIевагIанчул тIехьа, цуо лелориг Къуръанац, Суннатац дацахь, сихха букътоха беза цуо цух.

Вай бусулба вежарех цхьам дуьцу, ша цхьан дешначу стаган тIевагIнера, цуо шена цхьа дет доьхкира, мала дезаш ду аьлла. ЦултIехьа ша соьг хеттир и дет мала дези аьлла. Ас "ма мала" элир шега бах цуо. ЦултIехьа дIакхоьссир ша и дет. Юха цу дарба лелош ву бохучу стаган, цуо хIоттинчу хенахь тIевагIар ша, цуо хеттир шега "и дет мелири ахь?", ша мелла аьлла жоп делира. ТIаккха цуо шега элира "ахь ца мелла и, ахь оцу дийнахь, оцу меттехь, дIакхоьссир и. ХIара керла дет ду хьуна, дIа мала!". ТIаккха шена хиира и бозбунчаллех вуйла. Цу тайпа дийцарш дуккха а ду.

Иштта Суннатехь бу бохуш гIарбевлаш а хуьлу цу дарбан Iалашо йохк-эцар йина болх беш. Церан коьрта Iалашо хьан балан дарба дар цахуьлу, хьа киса хуьлу. Сан Шайхо дийцир-кх соьга, шена нах бевзу, шайн йохк-эцар Iад йитина, бозбунчаллин дарба дан буьйла белла, цара ала олуш "Сан йохк-эцарахчулла йоккха са йолу суна, бозбунчаллин дарба деш аса доккхучу дехнех. Сан йохк-эцарехь ас баттахь пхи эзир доккхучехь, бозбунчаллин дарба деш кхузткъе эзир доккху ас". АллахIе доьху вай цу ирчаллех Цуо вай лардар!

Дарбанах дехни схьаэцар мегаш дац бохург дац иза. Дарбанах дехни схьаэца мегаш ду. Делахь а цунна бехкам бу - нагахьсан цух дарба хилчахь! Дарба хиллачул тIехьа бен, дарбанах дехни схьаэцан бакъо яц. Иштта, цу дарбан коьрта Iалашо дехни хилар а цуо лелочу некъан сакъта ду. Дарбадечун коьрта Iалашо бусулба нахан гIо дан хила езаш ю.

Показано 20 последних публикаций.